ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тезет ца хIоттош дIаволлахь схьалур ву аьлла гIалгIайн Iедалхоша Алиев


ГIалгIайчуьрчу ницкъалийн структурийн белхахоша вийначу Алиев ИбрехIиман дакъа шаьш схьалур ду лаьтте кховдо аьлла, нагахь санна гергарчара къайлах иза дIаволлахь, дийцина вийначун вешо.

Маршо Радионо яздира, Алиев ИбрехIиман чалх лаьтте кховдо гергарчаьрга дIаяла полисхой дуьхьал хиларх. ГIалгIайн къайлахчу сервисашка дехар динера ша, амма жоп доцуш дитина кехат аьлла, дийцина ГIалгIайчоьнан омбудсмено "Мемориал" центре.

Несарарчу 29 шо долчу Алиев ИбрехIиман цIийнах хьаьжна, цунна етта а йиттина, иза лаьцна дIавигина полисхоша аьлла, бакъонашларъярхошка хаамбинера кIентан шичас. Иза тешна вара, цуьнан хIусамехь карийна боху куьйга йина бомба а, граната а полисхоша тесна ю аьлла.ТIаьхьо Алиев ИбрехIим вийна, иза вада гIоьртича аьлла, дIакхайкхийра ницкъахоша.

Кху 20 дийнахь АлиевгIеран аьтто ца хилира Iедалхойн карара шайн вийна стаг схьаваккха, эххар а гергарчаьрга схьалур ву аьлла, нагахь къайлах тезет ца хIоттош дIавуллур велахь, дийцина "Кавказан узел" агенталле Алиев ИбрехIиман вашас Султана.

Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кехат дахьийтина цо кху деношкахь, шен ваша дIаволла Iедалхошка схьавалийтахьар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG