ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

CNN: Шеман хьокъехь Путинца бартбан дагахь ву Трамп


Шемара тIеман эскарш арадохуш сихо хир йолу цхьа некъаш хьеха дагахь ву Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд Оьрсийчоьнан лидерна Путин Владимирна. CNN телеканало бо и хаам.

Церан информацица, Урдунан дозанерчу Шеман Къилба Малхбузерчу кIоштех хьакхалуш хир ду и бартбар. Iамеркан президент тешна ву, шен план бахьана долуш Шеман президентан Асад Башаран Урдунна гонахара шен дозанаш юхадерзо таро хир ю аьлла. Цунна дуьхьал Трампа Путинера гарантеш оьшур ю, Димашкъара гIаттамхой хIаллакбийр бац, кхечу регионашка дIабаха буьтур бу аьлла.

CNN телеканало билгалдоккху, нагахь Путина Трампан план тIелацахь а, Оьрсийчоьно барт ларбийр бац аьлла, кхерам бу.

КарабогIучу беттан 16-чохь Хельсинкехь цхьанакхета лерина бу шина пачхьалкхан президенташ.

XS
SM
MD
LG