ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чатаев Ахьмад Гуьржийчохь а, Туркойчохь а теракташ дан лерина хилла


Чатаев Ахьмад
Чатаев Ахьмад

"Палитраньюс" телеканалан эфирехь бовзийтина Чатаев Ахьмада даIишхойн хьалханче ДжихIад Абуга кхехьийтина хаамаш. "360 градус" программи чохь гIарабаьхна аудио-хаамаш "КIиран палитра" газетан аналитико Бурчуладзе Нинос. Цо дIахьедо, Чатаевс террорхойн организацин лидере кхехьийтинчу хаамашкахь, цо информаци луш хиларх, мичахь дан деза тIелатарш. Ю цу меттигашкахь хьехош ресторанаш, отелаш, векалташ, Iамеркахой гуллу хьукматаш а.

Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан хьукмато масех бутт хьалха дIахьедора, Чатаев Ахьмадан Монахан Габриелан проспектерчу петарехь гулйинчу материалашкахь а кеп-кепара аудиош яра аьлла.

Чатаев Ахьмад а, цуьнан декъахой а Гуьржийчохь а, Туркойчохь а теракташ дан Iалашо йолуш хиларан тоьшаллаш ду цу йозанашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG