ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кирлелорхошна мах тIетохар цхьана шарна дIатеттина "Платоно"


Федералан некъаштIехула кир кхоьхьу машенаш дIасалеларна "Платон" системехула оьцу мах хьалабаккхар дIатеттина цьана шарна. Оцу хьокъехь омрана куьйгяздина Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс еаридийнахь, хаамбо ТАСС агенталло.

Цхьа киламетар некъах тахана доккхург ду яккхийчу машенашкара 1 сом 90 кепек. Кхаа соьме мах хьалабаккха гIоьртинера Iедалхой. Бизнесхой а, машенашлелорхой а дуьхьал бу, оцу хьолехь туьканашкахь кхачан-сурсатийн мехаш тIекхета кхерам бу аьлла хета царна.

12 тонн сов йозалла йолчу кир кхоьхьучу машенашкара мах баккха "Платон" система юкъаяьккхинера 2015-чу шарахь, Iедалхоша чIагIдарца, "некъашна ден зен юхаметтахIотто" Iалашонца.

Оцу барамо машенашлелорхошлахь протесташ гIаттийра йоллу пачхьалкхехь. Оьрсийчоьнан куьйгалхочун Путин Владимиран гонерчу бизнесхочун Ротенберг Аркадийн кIант юкъахь волчу доларчу компанино ахча гулдеш хиларна оьгIазбахийтинера шофераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG