ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь йийначу йоьIан да ведда набахтера


Стигалкъекъа-баттахь Венехь йийначу нохчийн йоьIан да ведда набахтера. Оцу доьзалан адвокато Раст Николауса бинчу хаамашца, бакъо йоцуш мухIажирш дIасалелорна хан токхуш вара иза Италин Къилбарчу Тиролехь. Набахтехь дика леларна кест-кеста маьрша воккхура иза, Италера аравалар доьхкуш.

Чохь воллучу цунна хиинчул тIаьхьа, пхеа денна араваьккхинера иза, амма тоьхначу ханна набахте юха ца вахна. Иза волу меттиг хууш яц. Италин Iедалша лехамашка велла иза. Адвоката Раста бахарехь, Венерчу шен доьзална тIе веана вац лоьхург.

Стиглакъекъа-беттан 11-чу дийнахь йийра Венехь 7 шо долу Хадижат. Иза ерна шеконашца лецира лулара 16 шаре ваьлла Нохчийчуьра орамаш долу кIант.

Маршо Радионо яздира, йоI йийначу кIантана вен Iалашонца кIелояр юкъахдаьккхина шаьш аьлла, полицино Iорадаккхарх. Венерчу нохчийн юкъаралло бехкевен кIант вийначунна 20 000 эзар евро кхаъ кхайкхийра, яздора хаамийн гIирсашкахь. Нохчийчохь Хадижатан гергарчара чIир кхайкхийна бехкевинчу кIентан доьзална.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG