ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцольговн цIийнах хьовса баьхкинера полисхой сатасале


Хьалха лаьттачех аьтту агIорниг бакъонашларъярхо Муцольгов Мохьмад
Хьалха лаьттачех аьтту агIорниг бакъонашларъярхо Муцольгов Мохьмад

ГIалгIайн бакъонашларъярхочун, "Машр" организацин куьйгалхочун Муцольгов Мохьмадан цIийнах хьовса баьхкинера шоьтан Iуьйранна 20 сов полисхо аьлла, хааме даьккхина "Кавказан узел" агенталло. Хьостано бахарехь, пхеа машенашкахь баьхкинера ницкъахой.

Болчу хаамашца, дахначу шинаридийнахь Муцольгов прокуратуре тIекхайкхина вара, дийцарехь, "Кавказан узел" агенталлан сайт тIехь цо язйина артикл бахьана долуш.

2009-чу шарахь дуьйнна агенталлан блогер ву бакъонашларъярхо. Гонахара кхерамаш туьйсуш, шен Iа дIалакъо гIерташшехь, республикера уггар а ира проблемаш йийцарейо Муцольговс.

2015-чу шеран гурахь а бакъонашларъярхочун офисехь талламаш дIабаьхьнера полисхоша. Цуьнан кехаташ а, компьютер а дIаяьхьнера цара.

ТIаьхьо цуьнгара дIабаьккхина гIирс юхабеара полисхоша, хан яьлча хаамбира, цуьнан компьютер чохь берийн дастам суьрташ, видеош яра аьлла. Оьрсийчуьра цхьа могIа бакъонашларъяран организацеш тIехIиттира Муцольговна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG