ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Банкан белхахочунна 10 шо гергга хан тоха тарло


Нохчийчохь банкан белхахо бехкево 15 миллион пачхьалкхан ахча къайладаккхарна. Бехкеве М.Заур дIалоцуш талламхойн сацамна куьйгяздина прокуроро. Коьртачу говзанчан даржехь волчу цо цхьана хенахь кредиташ эцначу веа стага банкна юхаделла 15 миллион 609 эзар сом схьаэцна хилла. Кредиташ дIа ца къовлуш, оцу белхахочо ахчанна хьуламбина, талламчаша дийцарехь. Шеконашка эцна и стаг, гIуллакх толлучу заманчохь къайлаваларна, я шен тешашна кхерамаш тийсарна, гIуллакх толлучу юкъанна иза лоцуш сацам бина талламахоша.

Итт шаре кхаччалц набахтехь яккха хан йогIу банкан говзанчана, нагахь бехк хилар тIечIагIдахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG