ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошка я цIеяйархошка харц орца дехначунна таIзардар чIагIдарх дуьйцу Думехь


Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думе низаман проект кховдийна лоьрийн, я цIеяйархойн, полисхойн гIо оьшу аьлла, харцонца орца даьккхинчунна тIе административан жоьпалла дожош. "Керланаш" агенталлан сайт тIехь баржийна и хаам.

Харц дуйла хуъушехь, оцу хьукматийн белхахошка орца даьккхинчунна гIуда хьарчор хьоьху 1,5 эзар соьмана тIера 3 эзар соьме кхаччалц я 100 сахьтехь пачхьалкхна маьхза белхаш байтар. Нагахь орца дехар дуьххьара дацахь, 4 эзар соьмера 5 эзаре кхаччалц айдийр ду гIуда, я 200 сахьтехь ваца дезар ду пачхьалкхана.

Орцан министраллан зерашца, 2016-чу шарахь 77 757 эзар харцонца орца дехна цIеяйархошка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG