ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ФСБ-но къизаллаш лелайо, НТВ-с уьш къайлахьо"


ПIераскан буса Останкинерчу НТВ телекомпанин офисна хьалхха баннер хIоттийнера "ФСБ-но къизаллаш лелайо, НТВ-с уьш къайлахьо" аьлла, тIе а яздина. "ВКонтактерчу" "2018-чу шеран Iазапаш лелоран чемпионат" аьллачу тобано бина и хаам.

Шаьш анархисташ ду бохучу жигархойн дIахьедарехь дуьйцу, оьрсийн ницкъаллийн структурийн а, федералан каналан а Iалашонаш "маршонаш къовлар, Iедалхойн "статус кво" Iалашъяр ду" аьлла.

Иштта анархисташа билгалдоккху, Оьрсийчохь дуьненан футболан чемпионат йоьдучу юкъанна, украинхойн режиссер Сенцов Олег набахтехь сецош хилар, ткъа махко "шина пачхьалкхехь баккхийчу барамашкахь дIахьош тIеман компани ю", "Машанаш" аьллачу гIуллакхан хьокъехь лецна латточу жигархоша, шайна тIехь Iазапаш лелорах кхийкхадо аьлла ду дIахьедарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG