Нохчийчоьнан орцан министралло дIакхайкхйина мехкан исс муниципалан кIоштахь тIедогIучу оршотдийнахь тIехсов йовхо латтарна цIераш йийла кхерам бу аьлла. Цара бахарехь, къаьсттина сема хила беза Шелковскан, Гуьмсан, Куьршалан, Грозненскан, Ноьвран, Теркйистан, ТIехьа-Мартан, Хьалха-Мартан, Сунжан кIоштийн бахархой. ЦIераш дIасаяржахь а аьлла, доьху орцанан урхалло махкахошка, ларлуш хилар.
Маршо Радионо Iорабаьккхира орцан министраллан, кху кIирандийнера шинарийдийне кхаччалц Нохчийчуьрчу Къилбаседанехь 40 градус гергга йовхо лаьттар ю аьлла, баржийна хаам.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!