Дуьненан чемпионатна хьажийна пачхьалкхан I, 8 миллион доллар ахча дохкарна шеконашка эцна Мисарара футболан ассоциаци. Sportboxru гIирсо бина и хаам. Мисаран инарла прокуроро Садек Набила гIуллакх таллар тIедожийна талламчашна.
Erem News хьостано, инарла прокуроран дIахьедарна тIе а тевжаш яздо, турнирехь хиллачу Мисаран векалша 1 миллион 800 эзар доллар ахча лачкъийна, Нохчийчохь куп тоьхначу тобан хьашташна дайина шаьш а аьлла. Цу хьокъехь иск чуелла Мисарарчу адвокато Ан-Нимр Мухьаммада. Нохчийчохь тобано маьхза хан яьккхина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзано гIо лацарна аьлла, дIахьедина адвокато.
Оьрсийчоьнан 11 гIаланашкахь дIахьош ю дуьненан футболан чемпионат байначу беттан 14-чу дийнахь йолийна, карарчу беттан 15-чу дийне кхаччалц.