Соьлжа-ГIалахь керла кхин цхьаъ ортодоксан килс хьалайотта йоло Iалашо ю Нохчийчоьнан Iедалхойн.
"Соьлжа-ГIалахь керла килс хьалаяр тIедиллина кху деношкахь Кадыров Рамзана министрийн кабинетна а, гIалин мэрина а", - аьлла хаамбина Iедалхойн векало. Цо бахарехь, шахьаран юккъехь ян йолор йолуш ю килс. Оцу юкъанна даре ца дина, хьенан чоьтах еш ю а, маца белхаш дIаболо лерина а.
Официалан терахьашца республикехь вехаш ву 17 эзар оьрсий, царех 9 эзар Соьлжа-ГIалахь дIатарвелла веха, хаамбо Нохчийчоьнан куьйгалхочун аппаратан белхахочо "Кавказан узел" агенталле.
Дахначу кIиранах Кадыров Рамзана "Известия" газетана еллачу интервьюхь къадийра, Соьлжа-ГIалахь ортодоксан керла килс ян шен Iалашонах.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!