ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека бехкбоккхуш, балхара дIаваьккхина "Водоканалан" куьйгалхо Дзейтов Муслим, аьхкенан хенахь бахархошка хица къоьлла хьегийтарна. Социалан машанашкахь хинан бала хьоьгучу ярташлахь ягарйинера Плиево а, Троицкий а, Керла Редант а. Дзейтов даржера вохо сацамбира гIалгIайн куьйгалхочо Несарахь хинан резервуараш лаьттачу меттигехь дIаяьхьначу кхеташонехь.
Дзейтовн балхана ша резавацар дIа а хоуьйтуш, хIора шарахь аьхка бахархоша хица бала хьоьгий хуучу регионерчу "Водоканалан" директоро бIаьстенан юьххьехь проблема ерзийна хила езара аьлла мехкан куьйгалхочо Евкуровс.
ГIалгIайчуьрчу бахархоша социалан машанехь яздарехь, бутт хан хиллера билгалъяьхначу кIошташкахь хиш дIасацийна, ур-атталла дарбан хIусамашка а хиш доцу.