Соьлжа-ГIалара Мухьаммад Iелин цIарахчу проспектехь белхаш болийна, меттигаш куьце ялош. Iалашо ю цу проспектехь машенаш дIасалела некъаш шордан а, некъахой дIасалоьлучу некъа тIера экъанаш хийца а, гIалин бахархошна садоIийлаш нисъян а, берийн майданаш а, баккхийчарна спортан хьелаш нисдан а, вилспеташ хехка некъаш дан а. Ишта битаме ялош ю йохка -эцаран объекташ а.
Боксеран Мухьаммад Iелин цIарах проспект тобинчул тIаьхьа, шахьарахь уггар а тоьллачух хир бу аьлла, тIелаьцна гIалин мэрино.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!