ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меркелца барт цахиларна дарж дита лерина ву Германин министр


Германин канцлер Меркель Ангела а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр, Керстанийн социалан юкъараллан лидер Зеерхофер Хорст а.
Германин канцлер Меркель Ангела а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр, Керстанийн социалан юкъараллан лидер Зеерхофер Хорст а.

Миграцин политикана тIехула канцлерца Меркель Ангелаца бартбацарна ший а дарж охьадилла ша резахилар дIахаийтина Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министро, Керстанийн-социалан юкъараллан хьалханчас Зеерхофер Хорста. Reuters агенталло бина и хаам, политикан дIахьедарна тIе а тевжаш. Германин дозанашкахь само а латтош, миграцин политика чIагIъян еза аьлла, тIедожийнера Меркелна Зеерхофера байначу баттахь.

Евробератн лидершца кестолгIа Брюсселехь хиллачу саммитехь дийцаредина некъаш доллушехь, Германера цхьа дакъа мухIажирш ара ца баьхча, кхи альтернатива ца го министрна, Reuters агенталло яздарехь. Меркела тIе ца дуьту и. ТховкIело яларехь болчу дуьненаюкъарчу барамашна дуьхьал ду чоьхьарчу гIуллакхийн министран тIедиллар, иштта нийса дац и Итали а, Желтойчоь а санначу пачхьалкхашна гергахь а бохуш, шечунна тIера ца йолу канцлер.

Deutsche Welle агенталлан хаамашца, оршотдийнахь Меркелца дийцарш дина, миграцин хаттарх йист яккха лерина ву Зеерхофер. Нагахь шена ма хетта барт ца хилахь, даржаш дита дагахь ву министр.

Политикан кризисца къийсам латто кхо бутт хьалха кхоьллина Керстаний социалан а, Керстанийн демократин а юкъараллаш йохарна кхерам бохьу Зеехоферо бен болчу сацамо.

Мангал-бутт бовш Евробертан пачхьалкхийн лидерша Брюсселехь саммитехь дийцаредира чуоьхучу мухIажиршна доза тоха деза аьлла.

Къилба Африкехь мухIажиршна хIусамаш еш, тховкIело яларан гIуллакхаш луьстучарна лерина къевлина меттигаш кхолла сацамбинера Евробертан лидерша.

Цул совнах, Испани а, Желтойчоь а реза хиллера Германера мухIажирш юхатIеэца, нагахь санна Германин Iедалша церан цIераш Евробертан мехкашкахь тховкIело йоьхучийн тептарехь хилар тIечIагIдахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG