ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шуьйтан чIожехь жимстаг кIелхьарваьккхина орцанхоша


Шуьйта кIоштахь Нохчийчуьрчу орцан министраллан белхахоша чIож чу воьжна ког кагбелла жимстаг кIелхьарваьккхина. Ламан ирах, чунехьа а долчу некъашкахула кегийрхойн тоба садаIа яхана хиллера. ЧIожех охьадогIучу хих дехьа бовлучу заманчохь 23 шо долу кIант галваьлла, ког а кагбеш чуваханера. ЦIеяйархошка а, орцанхошка а телефонаш йиттинера кIентан накъосташа гIо доьхуш.

Пхеа сахьтехь гергга орцанхоша дIаяьхьначу операцехь аьтто хиллера кIант кIелхьарваккха. 30 сов стаг вара оцу операцехь дакъалоцуш: цIеяйархой, орцанхой, полисхой, меттигера шайн лаамехь арабевлла нах а. Соьлжа-ГIаларчу дарбан цIийнехь ву карарчу хенахь лазийнарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG