ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу Iедало гуьржийн полисхойн алапаш хьаладаьхна


Тбилисерчу Хораван цIарахчу урамехь кхиазхой байарна дуьхьал йолийна хилла протестан акцеш йирзинчул тIаьхьа Гуьржийчохь дIахIоьттинчу Iедало 100 долларна лакхадаьхна ницкъаллийн структурийн белхахойн алапаш. Гуьржийн оппозицин лидеро, экс-президенто Саакашвили Михаила йоьдучу эфирехь дIакхайкхийра, ша пачхьалкхе юхавагIахь полисхойн алапаш шозза хьаладохур ду ша аьлла.

Гуьйренан президентан харжамаш гергакхочучу хенахь Iедал а, оппозици а полисхой шайна тIехIиттийта гIерта оцу кепашца. Карабеанчу баттахь дуьйнна гуьржийн полисхойн алапа 1150 лари хир ду (470 доллар), хIинцалц чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша оьцуш хиллачул а 100 долларна сов.

Бахтадзе Мамукин керлачу урхалло тIеэцна и сацам, дукха хан йоццуш Тбилисехь хIиттийна акцеш йоьлхучу заманчохь президент лаьттинчу Саакашвили Михаила полисхошка кхайкхамбича. "Къомаца цхьана хила", нагахь ша гурахь хинболу президентан харжамаш бахьана долуш Iедалан коьрте юхавагIахь, полисхойн белхан алапаш шозза лакхадохур ду аьлла, дош а луш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG