ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца хийца кечбинчу тутмакхийн цIераш яьхна Украинас


Лакхарчу Радан вице-спикер Геращенко Ирина
Лакхарчу Радан вице-спикер Геращенко Ирина

Оьрсийчоьно набахтешкахь латточу Украинан бахархошца шаьш хийца кийча долчу 23 тутмакхан цIе яьккхина Лакхарчу Радан вице-спикеро Геращенко Иринас. "Одессехь, Харьковехь, Киевехь, Херсонехь, Тернополехь а теракташ кечдарна бехкебинарш а, ишта Донбассехь тIемашкахь лелларш, кхидолу зуламаш лелорна кхелан проццесаш дIайоьлху нах а бу уьш", - билгалдаьккхина Геращенкос.

Ву царлахь украинхойн тIемалоша стохка аьхка Луганск йолчахь лаьцна Агеев Виктор а. Оьрсийчоьнан эскарехь дакъалоцуш контрактна куьйг ма яздди, Донбассе хьажийра ша аьллера цо. Оьрсийчоьнан тIеман министралло тIе ца дуьту, Агеев эскарехь дакъалоцуш вара бохург. Церан хаамашца, 2016-чу шарахь эскаран гIуллакх кхочушдина а ваьлла, мукъа вара иза.

Украинан арахьарчу гIуллакхийн министраллан зерашца, политикан бух тIехь Оьрсийчохь лаьцна ву 24 церан вахархо, ткъа аннекси йинчу ГIирмехь 40 гергга стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG