ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухахь "Ахмат" клуб схьайиллина


Петарбухарчу Петроградан кIоштахь нохчийн "Ахмат" латаран клубан дакъа схьадиллина. "ВКонтактерчу" шен агIон тIехь бина и хаам Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Боккха кхаъ бу Петарбухахь "Ахматан" 120 стаг чутарлуш клубан филиал схьаеллар. Цу чохь спорт лело таро хир ю буоберийн а", - яздо Кадыровс.

Цо бахарехь хIинцале а болх болийна пхеа тренеро, юкъ-кара дуьненан спортхоша мастер-классаш гойтур ю цу клубехь.

Петарбухан губернатор Полтавченко Георгий Нохчийчу веанчу хенахь Петарбухан цIарах урам схьабиллира Соьлжа-ГIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG