ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каримовс дийцина, хьенан ахчанах буьллур бу Нохчийчу аьчка некъ


Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Iалви
Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Iалви

Нохчийчу вало аьчка некъ билла ахча федералан бюджетера хила а тарло, я кеп-кепарчу корпорацийн, иштта инвесторийн фондийн а аьлла, дийцина РБК-н агенталле мехкан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iалвис.

"Дуьненчохь ахча дукха ду. Цу кепара проект цхьана регионе кхочуш ца яло, цундела ахчанаш дала тарло инвесторийн фондаша а, кеп-кепарчу компанеша а. Я масех регионе а кхочушъялур йолуш яц и йоккха федералан проект. Уггар коьртаниг ду –и аьчкан некъ оьшуш хилар хаар", - аьлла Каримовс.

Краснодарера Соьлжа-ГIала валош тIехсихаллин аьчка некъ билла аьлла, дехар дира Оьрсийчоьнан президенте Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Газетано бахарехь, экономикан а, транспортан а министраллашна проект кечъяр тIедиллина Путина. Оцу юкъанна, экспертийн шеконаш ю, аьчганекъан магистраль оьшуш хиларх, экономикехула хьаьжча.

Цара ларарца, 1 триллион сом оьшу и проект кхочушъян, ткъа и дукха ахча ду бюджетна а, пачхьалкхийн компанешна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG