ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси яр тIе ца дуьту Iамерко


ГIирмана Оьрсийчоь аннекци ян гIортар къобал ца до Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа, иштта дагахь бац санкцеш юхаяха, Украинана ахгIайре цо юхаерззолц. Цу кепара дIахьедар дина оршотдийнахь КIайчу цIийнан пресс-секретаро Сандерс Сэрас.

Дахначу пIераскандийнахь Трамп Доналде, Iамерка тIетовр юй Оьрсийчоьно ГIирма шен долаерзорна аьлла, деллачу хаттарна президенто "хьовсур ду вай" аьлла, жоп деллера. ХIетахь Iамерко шен позицеш хийца тарло аьлла хетта, оцу хьокъехь комментареш йийхира Трампан администрацин векалшкара.

Кху беттан 16-чохь Хельсинкехь Путин Влдаимиран а, Трамп Доналдан а хиндолчу цхьанакхетарехь, ГIирман статусех дуьйцур ду я дац ца хаийтина Сандерса.

Дахначу кIирандийнахь телевизионна лучу интервьюхь ГIирмех дуьйцур дуй шина президенто саммитехь аьлла хьаттича, Трампан къоман кхерамзаллехула волчу хьехамчас Болтон Джона юхаэлира президентан дешнаш: "Хьовсур ду вай" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG