ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дрэг - рейсинган чемпионат Соьлжа-ГIалахь дIаяхьа сацам бина


Марсхьокхучу-беттан юьххьехь Нальчикехь дIаяхьа лерина Оьрсийчоьнан дрэг-рейсинган чемпионатан шолгIа этап Соьлжа-ГIалахь дIаяхьа бартхилла, Нальчикера автодром кийча ца хиларна. 2015-чу шарахь Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь схьайиллира 1600 хьовсархо чу а хоьуш автодром.

"Юьхьанца чемпионат ГIебарта-Балкхаройчохь керлачу автодромехь хIотто лаам бара, амма белхаш кхачо йоллуш бирзина цахиларна Соьлжа-ГIалахь дIахьур ду къийсадаларш", - аьлла Оьрсийчоьнан автомобилан федерацин дрэг- рейсинган комитетан куьйгалхочо Сеферян Тиграна.

Шерачу боккхачу 402 метар болчу некъа тIехь маса машенаш хехкарх олу дрэг-рейсинг.

Дуьххьара оцу дрэг-рейсинган чемпионат Лахарчу Новгородехь дIаяьхьира байначу беттан 9-11-чу деношкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG