ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн дов кхечу регионехь хаттар доьху цуьнан адвокаташа


Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочун Титиев Аюбан довхаттар дозанал а арахьа хилийтар доьху цуьнан адвокаташа Заикин Петра а, Новиков Ильяс а, хаамбо "Кавказ.Реалиис". Цхьаболчу нехан Титиевна тIехь бехк бита интерес тIехсов хиларна, ву царлахь Кадыров Рамзан а, ду шайн и дехар аьлла адвокаташа.

Шинаридийнахь Шеларчу кхелехь дIаяхьа лерина кхеташо дIатеттина суьдхоша, адвокатийн дехар бахьана долуш.

Кху шеран Iай дуьйнна лаьцна ву Титиев Аюб, полисхоша цуьнан машенчуьра наркотикаш яьхна аьлла, бехке а вина. Титиевс а, цуьнан накъосташа а гIуллакх политикан бух болуш ду аьлла.

XS
SM
MD
LG