ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинца шога хилар хьехна Трампна оппозиционеро Кара-Мурзас


Кара-Мурза Владимир
Кара-Мурза Владимир

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенте Трамп Доналде Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца хиндолчу цхьанакхетарехь шога хилар дехна оппозиционеро Кара-Мурза Владимир-жимахволчо. Иштта цо доьху, Путинца къамелехь Оьрсийчохь латточу политикан тутмакхийн хьолах а дийцар.

Оршотдийнахь Женевехь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Кхеташонан гуламехь, шаьш бевллачохь, Кара-Мурзас къадош элира Трампе, цунна хьашт дац "аьтто боцуш нисделлачу, Цхьанатоьхначу Штатийн президентийн шина партига ладогIаран ламастца" ваха. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнца шайн-шайн юкъарло лоьхуш схьайогIу Iамеркара ши парти кху тIаьххьарчу 20 шерачохь.

"КГБ-н хиллачу эпсарна…шеца къамелдийриг компромиссе валар - ледара хетар ду", - аьлла журналисташка Кара-Мурзас.

Хельсинкехь кху беттан 16-чохь Трамп цхьанакхета лерина ву Путин Владимирца. Цаьршиннан цхьанакхетар "Вашингтонан а, Москохан а галъевлла юкъаметтигаш денъян гIортар ду" аьлла оппозиционеро.

2015-чу шарахь вийначу оппозицин политикан Немцов Борисан накъост вара Кара-Мурза. Ходорковский Михаилан "Йиллина Оьрсийчоь" фондан куьйгалхочун гIовс ву 36 шо долу Кара -Мурза Владимир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG