ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох ЦIечу майданахь буьрканах ловзуш бу мухIажирш


Оьрсийчоьнна дозан тIехь бехачу мухIажирийн футболан турнир ю дIайоьдуш Москохарчу ЦIечу майданахь. Цу кепарчу акцица мухIажирийн ледарчу хьолана тIе тидам бахийта Iалашонца вовшахтоьхна и футболан турнир Fare цIе йолчу, Европехь расизмна дуьхьало латточу машано а, "Бахархошна гIолацар" ("Гражданское содействие") комитето а.

Комитетена куьйгалхочо Ганнушкина Светланас билгалдаккхарца, тахана Оьрсийчохь бехачу мигранташлахь 592 стеган бен яц официалехь мухIажиран статус.

"Цу юкъахь шиъ бен вац Шемара вахархо. Кеп-кепара говзаллаш йолчу оцу нехан таро яц вайн махкахь дIатарбала", - аьлла Ганнушкинас.

Футболан матчашкахь ловзуш бу Шемара а, ОвхIанистанера а, Камерунера а, Зимбабвера а мухIажирш. Зударий а, божарий а бу майданахь буьрканах ловзур болуш.

Fare машан директоро Поуар Пиарас бахарехь, футболо гIо дийр ду мигранташна бухарчу бахархошца дIауьйш а, дискриминацица къийсам латтон а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG