ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Reuters: гIажаройн дипломат Францехь теракт кечдеш хилла


Францехь теракт дан гIоьртина аьлла, Германехь лаьцна гIажаройн дипломат. Reuters агенталло хааме дакккхарца, оцу бехкашца Бельгехь лаьцна кхи а ши стаг, кхоъ лаьцна Францехь, царех ши] тIаьхьо маьршаваьккхира. ГIажаройн мухIажирийн дуьхьалонан кхеташонан съездехь эккхийтарш дан Iалашо хилла церан, чIагIдо полицино. Цу гуламехь дакъалоцуш хилла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан юрист Джулиани Руди а.

Полисхоша дIалаьцна дипломат гIажаройн Венерчу векалтехь болх беш хилла, болчу хаамашца. Австрин арахьарчу гIуллакхийн министралло, цкъачунна цIарца вовзуьйтуш воцу векал, цунна кхачош йолчу бакъонех ваккхар тIедожийна.

Кхааридийнахь Вене ван веазш ву белхан хьокъехь ГIажарийчоьнан президент Роухьани Хьасан. Iамерко ТехIеранна тоьхначу санкцешна тIе ма тахьара бохуш, Европан пачхьалкхашка дехарш дора гIажаройн Iедалхоша. Дипломатна тIедехкина бехкаш бух боцуш ду аьлла ТехIеранехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG