ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхойн лидеран кIант вийна Шемахь


Ал-БагIдади Абубакар
Ал-БагIдади Абубакар

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан лидеран Ал - БагIдади Абубакаран кIант вийна Шеман Хомс гIалахь аьлла, хаамбина Рейтерс агенталло, джихIадхошца йоьзначу хаамийн хьостанна тIе а тевжаш. Хомсерчу электростанцина герггахь оьрсийн, шемахойн эскархоша дIахьочу операцехь вийна даIишхо Ал-Бадри Худайфа аьлла, яздо агенталло. И информаци бакъхиларх кхечу хьостанашкахь тоьшаллаш дац.

Ша Ал-БагIдадаи волу меттиг а хууш бац. Амма динчу дIахьедарехь "иза хIинца а дийна хилар" хоуьйту, билгалдоккху Рейтерса.

Хьалхо масийттазза даржийра "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан лидер вийна бохуш, амма хIоразза а бакъ ца дора.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Ал-БагIдади дуьненаюкъарчу лехамашка велла, иза волчу меттигна айкхалла динчунна 10 миллион долларшкахь ахча кхайкхийна цара.

Керланаш

Кхин а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG