Великобританерчу Солсберина уллорчу Эймсбери гIалахь цхьана хIусамехь байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь кхетамчуьра даьлла зудий, стаггий карийна. Полисхойн шеко ю царна дIовш делла хир ду аьлла. Кхааридийнахь бина и хаам Уилштир олаллин полицино Твиттерехь.
Солсбери гIаларчу дарбан цIийне кхачийна и шиъ ледарчу хьолехь ду. Церан могушалла зуьйш, бахьанаш лоьхуш бу говзанчаш. ТIаьххьарчу хенахь и зудий, стаггий леллачу меттигийн голаьцна полисхоша.
Оьрсийчоьнан ГРУ-н хиллачу белхахочунна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а дIовш деллачу Солсбери гIалина 11 километар гена ю Эймсбери. СкрипальгIарна йинчу кIелонна бехке Кремл ю бохуш, чIагIдо Лондоно, хIунда аьлча, зуламхоша пайдаэцна "Новичок" дIовш Советан пачхьалкхехь арахецна хиларна.
Москоха бехк тIе ца буьту. Скрипаль Сергей а, Юлия а дарбан цIийнера ара даьлла, церан могушалла меттахIоттийна.