Кемероверчу "Зимняя вишня" йохка-эцаран центрехь беллачийн гергарчарна шишша миллионаш компенсаци лур ю кхи тIе а. Кемеровон кIоштан парламенто тIеэцна цунах низаман проект. Интерфаксо яздарехь, кIоштан бюджете дог лозучара деллачу 120 миллион ахчанна тIера дIасайоькъур ю компенсацеш.
Охан-бутт бовш Кемероверчу центрехь цIе яларан бахьанца беллачийн массо а гергарчарна дIасаделира 318 миллион компенсаци. Федералан а, кIоштан бюджетера а, иштта йохка-эцаран центран долахочо вовшахтоьхна а дара и ахчанаш. Цул совнах, 70 миллион сом деллера "ЦIечу жIаро" ("Красный крест") а.
Зазадоккхучу - беттан 25-чу дийнахь цIе яьллера "Зимняя вишня" олучу йохка-эцаран центрехь. 60 стаг велла цу дийнахь, шайлахь 41 бер а долуш. ЦIе яьлча орца доккху сигнализаци ца екна цу дийнахь, ткъа эвакуаци ен неIарш дIакъовлаелла хиллера. Оцу зуламна бехкевина лаьцна ву итт стаг.