ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев Аюба чуделла арз таллар тIедиллина Оьрсийчуьрчу прокуратурано


Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхочунна Титиев Аюбна дуьхьал айдинчу гIуллакхан хьокъехь Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан экспертийн тобано талламаш дIабаьхьначул тIаьхьа, пачхьалкхарчу Инарла прокуратурано Нохчийчуьрчу шайн коллегашна тIедиллина и гIуллакх листар. Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан сайта тIехь бу и хаам.

Наркотикаш полисхоша шена кхийсина ю аьлла, Титиевс арздича, бехкзуламан гIуллакх цаделлар бух болуш ду я дац, таллар тIедожийна Оьрсийчоьнан прокуратурано Нохчийчуьрчунна.

СПЧ-н куьйгалхочо Федотов Михаила Оьрсийчоьнан прокуратуране дахьийтинчу кехатна жоп делла урхалло: "Мехкан прокуратурано Титиевс далхийначух йист яьккхина цахиларца, низамаш талхийна меттиг хиллехь а аьлла, нохчийн прокурорна тIедиллина хааме яьккхина информаци зен а зийна, жамIех жоп далар доьхуш", аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG