ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Левада-центр": футболо Iехийна Оьрсийчоьнан 31 % бахархой


ТIаьххьарчу деа кIиранчохь уггар къегина хилам муьлха бара аьлла, "Левада-центро" бинчу хаттамехь 56 процент Оьрсийчоьнан бахархоша дуьненан футболан чемпионат билгалъяьккхина.

Пенси воьду хан тIетохар дара аьлла 31 процент хаттамехь дакъалаьцначара.

Бензинан а, кхача-сурсатийн а, коммуналан а мехаш дестар къастийна 13 процент респонденташа.

Оьрсийчоьнан президентца хилла эфирна тIе тидам бахийтина бахархойх 7 проценто.

Байначу беттан 22-чу дийнера 26-чу дийне кхаччалц вовшахтоьхна ду эксперташа и жоьпаш. Дакъалаьцна оцу экспериментехь 18 шарна тIера вагарвинчу Оьрсийчоьнан 52 субъекташкарчу 1 600 вахархочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG