ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бер деш зуда еллачу Хасу-Юьртарчу дарбан цIийнан коьрта лор хийцина


46 шо долу Хираев Титалав хIоттийна коьртачу лоьран декхарш ханна кхочушдан Хасу-Юьртан Юкъарчу дарбан цIийнехь, хаамбина Дагестанан могашаллин министраллан пресс-секретаро. Оцу хIусамехь деношкахь зуда а, дуьнентIе а далале бер а даларца бузу хийцам.

"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, дIадахначу шоьтадийнахь Хасу-Юьртарчу перинаталан центрехь бер деш елира зуда. Мехкан могашаллин министралло комисси хьажийра бохам талла.

Товбеца-беттан 4-чохь Дагестанан могашаллин министро Гаджиибрагимов Джамалудина вовзийтира Хасу-Юьртарчу дарбан хIусаман коллективна коьртачу лоьран декхарш ша ханна тIедехкина Хириев Титалав.

Хьалха Тула махкарчу Новомосковск гIалин дарбан цIийнехь хирургин декъехь рентген-дианост болх бина ву Хириев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG