ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пенсин реформа тIеэца аьтто беш, пиар гIатто йоллу Кремл


Оьрсийчоь, Омск - пенсин реформина резабоцучийн гулам.
Оьрсийчоь, Омск - пенсин реформина резабоцучийн гулам.

Пенсин реформица йоьзна халонаш листа, формалехь йоцу штаб кхолла дагахь ю Оьрсийчоьнан президентан администраци. Оцу некъах лаьцна "Ведомости" агенталле хаийтина Кремлна гергарчу хьостанаша.

Шен цIе йовзийта цалиинчу цхьана хьостано бахарехь, ши кIира а ду и штаб болхбеш йолу. Штабах урхалло до президентан администрацино, ткъа ен йолчу пенсин реформина бух кечбеш ю шен агIор Пачхьалкхан Дума а, министрийн кабинет а, "Цхьааллин Оьрсийчоь" парти а, боху хьостанаша.

Оьрсийчоьнан юкъараллаш реза яц нах пенси боьлху хан тIехьататтарна.

Оьрсийчоьнан Iедало бахарехь, 65 шаре яккха еза борша нах пенсе бовлу хан, зударий – 63 шаре. Протесташ яьржина Оьрсийчохь йолош йолчу реформина дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG