ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелан сацам: Харжамашна тIехьожучунна новкъарло яр харцо ю


"Кавказ.Реалиин" корреспонденто хаамбарехь, ХIинжа-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхело шен сацамца харц лерина кхушеран Зазадоккха-беттан 18-чохь хиллачу президентан харжамашкахь меттигерчу №1083 куьпан хIусам чуьра "Яблоко" партин тIехьажархо Алиев Iела араваккхар.

Инцидент нисъеллера Алиев харжамийн куьпахь лела харцонаш тидамеэца воьлча, полисхоша араваьккхинера.

Кхеле арздинчу Алиевн агIор вара юрист Исмаилов Марат. Цо "Кавказ.Реалиига" дийцарехь, куьпан хIусамехь "фото а, видео а тоьшаллаш лехьорца новкъарло йора", аьлла кхелехь харжамийн комиссин векало.

"Низамо харжамашна тIехьожург балхах юкъахваккха бакъо лург кхел бен яц. Алиевс новкъарло йора бахар бух боцуш ду. Ас иза элира, кхелахо соьца реза хилира", - дийцира Исмаиловс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG