ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Булгаковн киншкаш къаьсттина дIаоьцу футболан фанаташа


Булгаков Михаил
Булгаков Михаил

Оьрсийчохь футболан дуьненан чемпионат йолаелчхьана Булгаков Михаилан книгаш дIаэцар 30 проценте лакхадаьлла. Къаьсттина мехала яьлла яздархочун "Мастер а, Маргарита а" роман. "Керланаш" агенталло далийна и терахьаш, "Москохан киншкийн ЦIа" туьканийн машанийн куьйгалхочо Михайлова Надеждас аларца.

Цо бахарехь, къаьсттина дIаоьцуш ю ингалсан, испанхойн, немцойн, италхойн меттанашка гочйина произведенеш. Иштта тIехдика йохкало Пушкинан "Евгений Онегин", Толстойн "Анна Каренина", Достоевскийн "Идиот", Пастернакан "Доктор Живаго" а.

Кху беттан 15-чу дийне кхаччалц дIахьош ю футболан дуьненан чемпионат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG