ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп кийча ву Путинца цхьанакхета


Кху беттан 16-чохь Хельсинкехь Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца цхьанакхета кийча ву ша аьлла, дIахьедина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда. France Press агенталло билгалдаккхарца, Iамеркан журналисташа, кийчу хир вуй Трамп, Путин КГБ-н белхахо ма ву, бохуш ечу критикана жоп луш, дIахаийтина Iамеркан президенто ша кийча хиларх.

Bloomberg агенталло чIагIдарехь, Трампа а, Путина а дийцаредийр ду Шемара гIажаройн эскарш ара а даьхна, церан метта Димашкъана агIо латто эскар чудалорах. Хьостан хаамашца, Путинна ша цхьаъ хила лаьа Трампца, и тема йийцарееш.

Иштта шина агIоно дуьйцур ю Украинерчу хьолах а, Шемарчу конфликтех а, Оьрсийчоь Iамеркан харжамашна юкъагIортарх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG