ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Антисемитизм" яржайо аьлла, бехкебина Австрин канцлеро нохчий а, овхIанхой а


Австрин канцлер Курц Себастьян
Австрин канцлер Курц Себастьян

Нохчийн а, овхIанхойн а мухIажирш антисемитан дог-ойла яржорна бехкебина Австрин канцлеро Курц Себастьяна. "Европера баьхкинчу мухIажирел а хала дIаоь бухарчу къаьмнех цхьайолчу мигрантийн тобанашкара нах, масала, Нохчийчуьра а, ОвхIанистанера а схьабевлларш", - аьллачу Курцан дешнаш далийна "Франс-пресс" агенталло.

Оцу контекстехь канцлера охьаягарйина цIеяьхначу къаьмнаша йохьу проблемаш, "жамI дан маггане а мегар дац" аьлла, тIе а тухуш.

Политико бахарехь, дукха хьолахь, проблемаш Iиттало немцойн мотт Iаморца а, иштта " мухIажирш Европана шайн ламасташ а, шайн дин а дIакхачо гIертарца а".

Цара а антисемитизм кхуллу, цуьнца къийсам латто а беза аьлла, дIахьедина Курца. Оцу билгалдаьхначу бахьанаша интеграци ярехь йоккха проблема гIаттайо, мухIажирийн терахь мел кхуьу шор а луш, аьлла чIагIдо канцлеро.

Югославера а, Германера а, Малхбалерчу Европера а чуоьхучу мигранташа, Курца бахарехь, кIезиг проблемаш йохьу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG