ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьмсехь а, Шелковскехь цIераш йийла кхерам бу аьлла


Аномалан йовхо бахьанехь цIераш йийла кхерам совбаларна Нохчийчуьрчу Гуьмсан а, Шелковскан а кIошташкахь нехаш, ораматаш дагорна гIуданаш деттар лакхадаьккхина.

"Шозза тIекхетта буц, я нехаш ягийначунна туху гIуда. Масала, бахархоша хIинццал 2-3 эзар гIуда токхуш хиллехь, раж тIеэцначул тIаьхьа декхаре хир бу 4 эзар сом охьадилла. Нагахь цхьана организацино и низам талхийнехь, 150-200 эзарна тIера 500 эзар соьме кхаччалц гIуда кхачор ду", - чIагIдо Гуьмсан администрацехь.

Шоьтадийнахь тIеэцна и сацам Шелковск кIоштаца юкъахь Гуьмсан урхалхоша. Махкарчу орцан министралло информаци яржийра, тIехсов йовхо латтарна республикерчу хьаннашкахь, ярташкахь а цIераш йийла кхерам совбаьлла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG