ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху шарахь кIезиг мухIажирш баьхкина Европе


Стохкалерачуьнца дуьстича, кху шеран хьалхарчу 6 баттахь Дуьненаюкъарчу хIорда тIехула Европе баьхкинчу мигрантийн терахь шозза лахара гойту. Дечкен-баттера карарчу хене кхаччалц 46 эзар мухIажир веана Европе, ткъа стохка оццу муьрехь 101 эзар стаг, хаамбина миграцин Дуьненаюкъарчу организацино (IOM).

Дуьненан юкъара хIорд а хадош 2016-чу шарахь мухIажиралла дира 231 эзар мигранто. Царех дукхахберш Италехь севцира – 17 эзар гергга стаг, Испанехь – 16 эзар, Желтойн махкахь – 14 эзар гергга.

Эзарнашкахь белла Дуьненан хIордах чекхбуьйлучу заманчохь. Кху шарахь велларг ву 1, 6 эзарг ца кхоччуш мухIажир, стохка велира 2,6 эзар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG