ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанан хиллачу премьерна 10 шо хан кхайкхийна коррупци лелорна


Коррупцина бехкевинчу Пакистанан экс премьер-министрна Шариф Навазна набахтехь даккха итт шо хан а, 10, 6 миллион доллар гIуда а кхайкхийна. "Панаман досье" зорбане яьккхинчул тIаьхьа гIуллакх долийнера цунна дуьхьал.

Шарифца цхьана кхел йира цуьнан йоIана Марьямна а, невцана Аван Сафдарна а. Набахтехь ворхI шо доккхур ду Марьяма, невцо – цхьа шо. Иштта Шарифан йоIах Марьямах 2, 6 миллион доллар гIуда а хьарчийна.

Офшоран офисашкахула Лондонехь йиъ петар эцар дара Шариф Навазна дьухьалдаьккхинарг. Бахамаш шен йоьIаршна тIеязбеш хилла цо. Британин шахьарехь сил механа беза ара-чу ца баккхалун бахам эца таро яцара политикан, кхелахойн талламашца.

Навазна кхел яр нисделира иза дуьхьал а воцуш, карарчу заманчохь Лондонехь шен доьзалца хан йоккхуш иза хиларна. Бехкебечара шаьш бехке дац, бахам низамашкахь эцна лору. Би-би-си-но бахарехь, Шарифа шена дуьхьал даьккхина гIуллакх политикан бух тIехь ду аьлла.

ТIехь кхел йина нах дIасалуш бина барт бац Пакистанан а, Великобританин а. Хьалхо Шарифа ша даймахка вогIур ву, кхелан сацаме ладогIа аьлла, дIахьединера, амма ца веара иза.

Шариф Наваз Пакистанехь уггар а гIараваьлла политик ву. 2017-чу шарахь Пакистанан Лакхарчу кхелан сацамца Iедалан куьйгаллера мукъаваьккхира иза, коррупцица воьзна ву аьлла, бехкевинчул тIаьхьа.

XS
SM
MD
LG