ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мачаликашвили: медиа-тIом болийна тхоьца Iедало


Шайна дуьхьал медиа-тIом болийна аьлла, социалан машанашкахь видеоролик яржийна Гуьржийчохь къайлахчу сервисаша стохка Iай лерина операци дIахьочу заманчохь вийначу Мачаликашвили Темирланан гергарчара. "Темирлан бехке цахиларх со тешна ца Iа, йоллу ПIаьнказан чIож а ю цунах тешаш. Суна хаьа, шен дахар муха нисдан лаам бара сан кIентан. ТIаьххьарчу хенахь зорбанийн цIарах пачхьалкхо хезадо дIахьедарш – Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан урхалло тIаьххьара пхенаш озор ду, - аьлла, дIахьедо ша яржийначу видео тIехь кIентан дас Мачаликашвили Малхаза.

Иштта дас дуьйцу, шаьш ПIаьнказахь цIий Iанош, дIаяьхьна спецопераци бакъъян гIертачу Iедалхоша шен кIант Чатаев Ахьмадца юкъарлонашкахь хилла бохуш, даржош хилар. Террорхо хилла бохуш, бехкевинчу Чатаевца Темирлан гергарлонехь хилла аьлла а яьржира информаци хаамийн гIирсашкахь.

Мачаликашвили Темирлана шен телефон тIера бахьийтина хIара хаам бохуш, "истишхад" (тIеман я терроран операцешкахь ша шена тохардар) дош лелош, йозанаш а Iорадехира "Имеди" телекомпанин программехь.

Телехьожийло чIагIдарца, Темирлана а, Чатаевс а вовшашка дIасакхехьийтина хаамаш юхаметтахIоттийнера кIант веллачул тIаьхьа, хаамбо Маршо Радион гуьржийн сервисо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG