ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко а, ОБСЕ-но а емалдина Оьрсийчоьнан Iедалан "арахьарчу агентех" низам


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн департаменто Оьрсийчоьнан Iедал бехкедо бозуш боцчу журналисташна тIеIаткъам барна, "арахьарчу агентех" низамаш юкъа а даьхна. Пачхьалкхан департаментан векало Нойерт Хизера дIахьедо, оьрсийн Iедалхоша Iамеркан хаамийн гIирсашна ("Iамеркан аз", "Маршо Радио") дуьхьал бен лелош ца хиларх и низам. Иштта комменари йитина Нойерта Москохарчу кхело "Маршо Радио" медиакорпорацина гIуда тохарх.

Арахьарчу зорбанашца болх бен журналисташ "агентийн" статусе бахар а иштта критике диллина Нойерта. "Оьрсийчоьне юха а кхайкхамбо Цхьанатоьхначу Штаташа… коьрта бакъонаш ларъяре, маьрша дош алар а цхьана", - дIахьедо Нойерта.

ОБСЕ-н маршонехула йолчу медиан векало Дезир Арлема хьалхо емалдира "Маршо Радио" "арахьара агент" ларар, оцу низамо Оьрсийчуьрчу прессан маршо лахйо аьллера цо.

Оьрсийн аудиторин интересехь болх бечу йозуш йоцчу медиана тIелатар ду элира кхело тIеэцна сацам Iамеркан BBG-н директоро Лэнсинг Джона. Цо билгалдаьккхира, Iамеркан Конгрессо ахчанца латточу "Маршо Радио" медиакорпорацина а, "Iамеркан аз" радиокомпанина а дуьхьал долийна ду и низам аьлла.

Маршо Радионо хааме даьккхира, еарийдийнахь Москох Тверан кIоштан кхело 100 эзар сом гIуда тохарх "Маршо Радиона", "арахьарчу агентан" хьесапехь болх бечу организацино Iедалан урхаллашка финансех информаци цаяларна, аьлла".

"Маршо Радион" юристо бахарехь, корпорацин аьтто бацара дуьйцу документаш тIедожийначу хенахь чудала – дуккхаза а дехарх, Оьрсийчоьнан юстицин министралло ца гайтира, муьлхачу кепехь кечдан деза уьш, цу тIе, документаш чудала низамо елла хан тIехъяьлча бен а ца йовзийтира церан хила еза кеп.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG