ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь балхара вохийна 18 эзар вахархо


"Къоман кхерамзаллана дуьхьал хилла" аьлла, пачхьалкхан хьукматашкара а, урхаллашкара а 18 эзар стаг даржашкара вохийна Туркойчохь. КIирандийнахь "Ресми газета" хьостано бина и хаам.

Оцу низамца а догIуш, оршотдийнахь дуьйнна йоллу пачхьалкхехь дIакъовлуш ю 12 ассоциаци а, иштта кхо газет а, телеканал а. 2016-чу шарахь махкахь карчам бан гIоьртича хIоттийначу чолхечу хьолан раж юха а йоккхуш, йина гIулчаш ю уьш.

Уггар дукха белхахой дIабаьхна Коьртачу кхерамзаллан урхаллера - 9 эзар гергга стаг. Балхах воьхна Iилман институшкара 199 белхахо а. Iамеркехь веха Гюлен ФетхуллахI бехкевира туркойн Iедалхоша пачхьалкхехь карчам бан гIортарна. Оцу тIекIелтохарехь вийра 120 вахархо.

Ша бехкехилар тIе ца дуьту Гюлена.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG