Маршо Радион гIоьнца режиссеро Манский Виталийс яьккхинчу "Путинан тешаш" филманна коьрта совгIат дина Чехин Карловы Вары гIалахь дIаяьхьначу документалан конкурсехь. Президент политикан карьере веанчу шерашкахь хилларг ду оцу кино чохь гойтург. Путин куьйгалле вогIуш "тешаш" хилла нах бу режиссеро шен филмехь бовзуьйтурш.
Цхьанхьа а цкъа а гайтина йоцчу, Манскийс 1999-2000 шерашкахь яьхначу видеоматериалех лаьтташ ю кино. Оьрсийчохь хеназа харжамаш дIабахьаран, тахана а евзаш йоцчу факташна лерина ю и филм. 1999-чу шарахь Ельцин Бориса "Сайга далург ас дина, со дIавоьду" аьлча, дIакхайкхийра харжамаш.
ХIетахь ФСБн куьйгалхо волу Путин, ханна декхарш кхочушдан хьалхатеттира. Цу хенахь коьрта интрига яра - толам боккхур бу-те Путина хьалхарчу турехь, я дезар ду-те юха а кхьаьжнаш тийса. ХIетахь цуьнан харжамийн штабан куьйгаллехь вара президентан администрацин гIовс Медведев Дмитрий.
Карловы Вары гIалахь дIахьон фестиваль Европехь уггар а престиже лоручарех ю.