ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу мухIажирийн берашна лерина керла школа ю ГIалгIайчохь схьаелла кечъеш


ГIалгIайчуьра нохчийн мухIажирш
ГIалгIайчуьра нохчийн мухIажирш

Карара шо чекхдалале Нохчийчуьрчу мухIажиршна лерина 540 бер дIатардан аьтто а беш, школа схьайоьллур ю ГIалгIайчоьнан Яндарехь, хаамбина ТАСС агенталле гIишлошъяран министраллан пресс-секретаро Барахоева Индирас. Меттигерчу юьртдас бахарехь, кхалхархошна Карабулакан йистехь еш ю и доьшийла, хIунда аьлча, оцу кIоштарчу вукху школе лела гена ду берашна, къаьсттина Iаьнан заманчохь бала хьоьгу цара.

Нохчийчуьра тIебаьхкинчу мухIажиршна аьлла, республикехь 2013-чу шарера 2016-чу шаре кхаччалц дукха петарех лаьтта 17 цIа хьаладина, царех исс цIа Яндарехь, бархI Назранехь ду.

Официалан терахьашца, 1990-чу шерашкахь луларчу республикехь тIемаш буьйлабелча, оцу махкара 3 эзар гергга мухIажир кхечира ГIалгIайчу. ТIемаш бирзинчул тIаьхьа цхьаболучарна ца лиира даймахка юхабаха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG