Къилба ХIирийчуьрчу Лакхарчу кхелан куьйгалллехь Магометов Бека кхи а ялх шарна тIечIагIвеш омрана куьйгяздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимра. Кремлан сайтехь бина и хаам.
Къилбаседа Кавказан регионашкарчу хьаькамашлахь а бина хийцамаш. Кхарачойн-Чергазийчуьрчу Лакхарчу кхелан куьйгалхочун гIовс хIоттийна 6 шарна Федотов Юрий.
Прикубанскан кIоштан кхелахо къобалвина Дураев ИбрехIим.
Ставрополерчу кхаа кIоштахь а дIахIиттийна суьдхой. Буденновскан кхелан коьрте ваьккхина Яроцкий Александр, Лермонтовн – Рогозин Констатнтин, Нефтекумскан – Ходус Андрей. Невинномысскерчу кхелан куьйгалхочун гIовс магийна Песков Сергей, ткъа Кисловодскехь Писаренко Сергей.
ХIирийчуьрчу Лакхарчу кхелан суьдхо хIоттийна Дзуцева Фатима, Ставрополехь Леонов Алексей а, Спиридонов Михаил а.
Иштта Дагестанехь Гергабилскан кIоштан кхелахо Абдулжалимов Мурад ву, Хасу-Юьртахь Минаев Зеламха.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?