ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох лаьцна Ганнушкина а, Орлов а


Нохчийчохь лаьцна латто Титиев Аюб арахецар доьхуш, пикете арабевлла "Мемориал" бакъонашлраъяран центран кхеташонан куьйгалхо Орлов Олег а, "Гражданское содействие" цIе йолчу комитетан хьалханча Ганнушкина Светлана а дIалаьцна полицино

Москохарчу Манежан майданахь "Маьршаваккха Титиев Аюб" тIеяздина плакаташ хилла Орловн а, Ганнушкинан а карахь. "Китай-гIала" олучу полисхойн декъе далийнера лаьцна шиъ. Къепе йохорна аьлла, бехкебинчу бакъонашларъярхошна протокол хIоттор ду, полисхоша бахарехь.

Нохчийчохь кхел еш ю Соьлж-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхочунна Титиев Аюбна, цо наркотикаш лелийна аьлла. Шен машенчу полисхочо тийсина ю наркотикаш аьлла, бехк тIе ца лоцу Титиевс.

Бакъоларъярхочунна дуьхьал айдина гIуллакх политикан бух тIехь ду бохуш, иза маьршаваккхар тIедожийна нохчийн Iедалхошна бакъонашларъярхойн организацеша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG