ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеман эскаро гIаттамхойн го лаьцна


2011-чу шарахь президентна Асад Башарна дуьхьал гIевттинчу Дераа гIаларчу гIаттамхойн купна го лаьцна оршотдийнахь Шеман пачхьалкхан эскаро. Рейтерс агенталле бина и хаам оппозицин векало Шаима Абус.

Цо бахарехь, Дераан Малхбузерчу гIаттамхойн коьрта база йолчу агIор Димашкъан эскарш дIагIоьртича эзарнаш меттигера бахархой гона юкъахь бисина.

Оьрсийчоьнан ницкъашца гIаттамхошца бинчу бертаца а догIуш, эскархойн официалехь эвакуаци ян йолаялале тIелетта Шеман арми. ПIераскандийнахь хиллачу бертаца, гIаттамхоша дуьхьал герз ца кхусуш Дераа а, Урдунца дозанера меттигаш а дIалур ю аьллера шаьш. Оппозицино тIехь контрол латточу Шеман Къилбаседанерчу кIошташка герзаца дехьабовла безаш бара Шеман Iедалхошца машар бан резабоцу тIемалой.

Оппозиционераша даредарца, оцу берто шемахойн эскаршна дехьа-сехьа дийларехь дозанаш тухура, иштта бакъо лора гIаттамхой лаьттинчарна меттигера дуьхьалояран ницкъаш вовшахтоха а, оьрсийн тIеман полицин куьйгакIел.

Оппозицин "тешам бац я оьрсех" а, я Асадан ражах а, цара барт цаларбарна кхоьруш аьлла Шаима.

Дераан Малхбалера оппозицино дIатуьйсу кIошташ церан карахь яра тIом болабелчхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG