ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъо йоцуш лело герз схаделлачунна ахча кхайкхийна Нохчийчоьнан Iедало


Шен лаамехь герз Iедале дIаделлачунна кхаъ луш къепе хIоттийна Нохчийчуьрчу Iедало. Мехкан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша хааме даккхарехь, шайн лаамехь герз а, патармаш а, лоьлхуьйтурш а бахархоша Iедалхошка дIакхачаяхь дуьхьал мах лур болуш бу царна. Регионан дозан тIехь ларамза карийна герз дийцарал совнах, дуьйцург ду махкахоша къайлах шайгахь Iалашдийриг а.

Республикехь зуламашна профилактика ярехь йолийначу пачхьалкхан программин гурашкахь билгал ма даккхара, оцу Iалашонашна ахча регионан бюджетан чоьтера лур долуш ду аьлла ду хаамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG