ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочуьнца йоI къевсинчунна Думан депутатна йиттина


КIирандийнахь Москох мила ву цахуучо йиттина пачхьалкхан Думан депутатна Жигарев Сергейна, шен евзачу зудчуьнца машен чохь иза хиина Iачу заманчохь. "Московский комсомолец" газетано дийцарехь, Нохчийчуьра Тимур цIе йолу стаг ву депутатах леттарг.

Пачхьалкхан Думехь экономикан политикан комитетан куьйгалла ден Жигарев стохка дуьйнна Казанерчу моделца Ольгица гергарло лелош хилла. Официалехь зуда а, кхо бер а ду депутатан. Газетан хьосташа дийцарца, даим дезачух совгIаташ деш хилла Жигаревс йоIана, "Мерседес" машен а эцна хилла. Кху Iай йоьIан лаамца дIасакъаьстина а хиллера и шиъ. Шен ма хуьллу юкъаметтигаш дIацахадийта депутато бахьанаш лоьхучу юкъанна, Нохчийчуьра схьаваьллачу жимчу стагаца гергарло тасаделла хиллера Ольгин. Цуьнга далхийна хилла йоIа, шена депутат тIаьхьара цаваларх.

КIиран суьйранна йоьIан цIийна хьалха цуьнан машенчохь хиина Iачу депутатна тIелатар динера нохчочо. "Московский комсомолец" хьостано хааме даккхарехь, тIевеанчу стага "Мерседесан" неI схьа а йиллина, цу чуьра ара а такхийна депутат, лаьттахула текха а веш, йиттина цунна.

Цул тIаьхьа дарбан цIийне валийнера Жигарев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG